”Нохчийн меттан шо”
08.11.2023
Хууш ма-хиллара вайн паччахьа Рамзан Ахматович с 2023 шо ”Нохчийн меттан шо” аьлла билгалдаьккхина дара. Цу хьокъехь Нохчийн-латталелоран колледжехь тахана, 8-чу ноябрехь д1абаьхьира ”Нохчийн г1иллакх-оьздангалла“ ц1е йолу къовсам. Студенташа дийцира шира дийцарш, иштта а гайтира нохчийн меттан, литературин т1ехь хаарш. Уггар а коьртаниг, студенташа кечбинера нохчийн кхача: жижиг-галнаш, ба1арш, ч1епалгаш, хингалш, сискал т1уо-берам и.д1.кх.
Жюрийн декъашхоша хазахетарца ладуьйг1ира цаьрга, иштта а тидамца хаьржира хьалхара а шолг1а меттигаш. Иштта а делира совг1аташ.
Нохчийн мотт мел беха, нохчийн къам дехар а,кхуьур а ду. Вайн декхар ду, вайн мотт мелла а бийцар, иштта а вайн 1адаташ а, ламасташ а йукъара ца довлийтар.
«День народного единства»
#СТОПВИЧСПИД