Нохчийн мотт-сан синанг1ортор
24.04.2025

Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу.Нохчийн маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан иэс,амал,г1иллакх.Муьлххачу а къомо шен мотт хьалаайбар,цо шен синкхетам самабаккхар ду.Цундела Нохчийн мотт к1орггера дика 1амор вайн декхар ду.И декхар кхочушда вайн президенто Кадыров Рамзан Ахматовичс 25-г1а апрель билгалдаьккхина ”Нохчийн меттан де“ аьлла.Онда юкъаметтиг д1алоцу цу дийно,вайн ишколашкахь,колледжашкахь,хьехархойн институташкахь дезаш т1елаьцна ду и исбаьхьа хаза де.Вайн колледжо лецира цу дийнан дакъа.Нохчийн меттан де даздеш д1аяьхьира “Ненан мотт-дахаран хазна “ ц1е йолу мероприяти.Студенташа хазахетарца кечйира исбаьхьа программа,цара къагийра мероприяти шайн корматаллица.
Иштта т1ейог1учу ханна вайн ненан меттан коьрта меттиг д1алоцуш д1ахьур ду колледжехь студентийн дахар.
В ГБПОУ «ЧАТК» прошел День Мира!
Сотрудники Чеченского аграрно-технического колледжа продолжают профориентационную работу в школах республики.